ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат Ахмадова: Турбинера дов кхечу хорша дирзи


Карарчу сахьтехь дуккха а журналисташ бу Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхела хьалха. Тахана хила деза цигахь Турбина юьртарчу Тарамов Джамалайл а, Тазбиев Мохьмадан а девнан рогIера ладегIарш.

Церан адвокато Ахмадова Хьавас хаамбина Маршо Радиога, ша хир яц кхелехь, кхечу девнехь дакъалоцуш ю ша, аьлла.

Цо ша кхеле хаам хаьажийна элира оцу хьокъехь.

«Кхелехь Тарамовс а, Тазбиевс а дIахьедийр ду тахана, шаьш юхадовлу шолгIачу адвокатах Рутковский Владимирах, аьлла. Оцу бахьанийца кхел юкъахъяла декхаре ю балхах, дехьататта дезар ду ладегIарш» - боху Ахмадовас.

Адвокато бечу хаамца, Тарамов а, Тазбиев а, юхьанца шаьшшиъ бехке вац, шайгара етташ даьхна дареш баьхнехь а, лерина ву шайна талламчас тIебаьхьна бехк тIеэца.

Бутт бу Турбинерчу шинна тIехь, и шиъ Шема тIаме ваха кечлуш хилла аьлла, дахначу Iай лацарца доьзна кхел йолийна.

Талламо шайгара ницкъаша даьхна дареш, шаьшшинна тIехь гIело латтийна полицин белхахоша, дIахьедира Тарамовс а, Тазбиевс а йолаеллачу кхелехь.

ПIераскан сарахь Старопромыслан полице а бигина, йиттира шиннан гергарчарна, адвокаташа тоьшалла дарехь. Уьш декхаребина кегийнахе бехк тIеэцийта а, шаьш а, шайн юьртарчу 160 стаго а Оьрсийчоьнан инарла прокуроре дахьийтина арз юхадаккха а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG