ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байинчу полисхойн гергарнаш митинге арабевллера Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштан кхелан хьалхахь митинг дIаяьхьна стохка тIемалоша динчу тIелатарехь байинчу полисхойн гергарчу наха, хаам бо "Даймхк" газето. Оцу кхелехь дIайоьдуш ю тIемалойн тобанна юкъаваха гIерташ хилла аьлла бехке вечу 19-20 шераш долчу Тарамов Мохьмадан а, Тазбиев Джамлайлан а суьдан процесс.

Гулбеллачара каралаьцна плакаташ хилла террорхошна дуьхьал кхайкхамаш беш.

Масех де хьалха Оьрсийчоьнан юстицийн министре орца доьхуш кехат яздинчу оцу шина кIентан гергарчу нахана тIеIаткъам бинера полисхоша. Цхьаболчарна етта а йиттинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG