ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркера газ йохьуш танкер кхаьчна Литва


Литван Клайпедерчу хIордан порте кхаьчна Iамеркера газ йохьуш догIу хьалхара танкер. Цунах лаьцна хаам бина тахана, Марсхькху-беттан 21-чу дийнахь, Литван энергетикан министралло.

Цу пачхьалкхан энергетикан министро Жигимантас Вайчюнаса бинчу хаамца, Iамеркера газ хьокъехь барт бинера шина пачхьалкхо кху шеран Мангал-баттахь. Цо дийцарехь, Iамеркера цу кепара газ эцаро охьабоккхур бу Литварчу бахархошна цуьнан мах. Цул сов Iамеркера газ эцаро чIагIдийр ду Литван а, ерриг а регионана а энергетикан йоцуш йоцуш хилар.

2016-чу шарахь исторехь дуьххьара Литвано газ алсам эцна Оьрсийчуьрчу "Газпромера" ша оьцуш хиллачул а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG