Сербино консултацеш дIаяхьа цIакхайкхийна шен Македонера дипломаташ. Сербин президенто Вучич Александра билгалдаьккхарехь, цуьнан бахьана ду Белградана дуьхьал Македонин талламан сервисан белхахоша жигаралла гайтар.
Македонин зорбанан гIирсаша Сербино лелош дерг дузу ЮНЕСКО юкъаяха лууш йолчу Косовона Скопье (Македонин коьрта гIала) тIехIотта кийча хиларца.
Косово йоцуш йоцу пачхьалкх хилар къобул дина 114 пачхьалкхо. Дуьхьал ю 5 пачхьалкх, шайна юкъахь Оьрсийчоь а, Китай а йолуш. Сербина хета Косово йозуш йоцу пачхьалкх хилар къобулдан мегар дац аьлла, амма цо лелош йолу политика ю хIоьттина хьал тидаме оьцуш.