Турбина юьртарчу Тарамов Джамалайлан а, Тазбиев Мохьмадан а девнан рогIера ладегIарш хир ду кхаарин дийнахь. Цунах лаьцна хаам бина Маршо Радиога цу шина стеган адвокато Ахмадова Хьавас.
Цо дийцарехь, Iуьйранна 10 сахьт даьлча Соьлж-ГIалахь суьдан кхеташо хила езаш ю цо бина латкъам луьстуш, ткъа делкъалтIьахьа 2 сахьт даьлча Старопромыслан кIоштан кхелехь хир ду Тарамовн а, Тазбиевн а девнан рогIера ладегIарш. Цу шина а кхеташонехь хила дагахь ю Ахмадова.
Адвокато бечу хаамца, Тарамов Джамалайл а, Тазбиев Мохьмад а, юхьанца шаьшшиъ бехке вац, шайгара етташ даьхна дареш баьхнехь а, лерина ву шайна талламчас тIебаьхьна бехк тIеэца.
Бутт бу Турбинерчу шинна тIехь, и шиъ Шема тIаме ваха кечлуш хилла аьлла, дахначу Iай лацарца доьзна кхел йолийна.
Талламо шайгара ницкъаша даьхна дареш, шаьшшинна тIехь гIело латтийна полицин белхахоша, дIахьедира Тарамовс а, Тазбиевс а йолаеллачу кхелехь.
ПIераскан сарахь Старопромыслан полице а бигина, йиттира шиннан гергарчарна, адвокаташа тоьшалла дарехь. Уьш декхаребина кегийнахе бехк тIеэцийта а, шаьш а, шайн юьртарчу 160 стаго а Оьрсийчоьнан инарла прокуроре дахьийтина арз юхадаккха а.