ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакаев Зеламха лаха арадаьлла Iедал


ХIетталц я иллиалархочун гергара нах, я цуьнца уьйрашкахь хилларш а Iедалх ийзалуш Iийначух тера дара, орца деха.

ХIунда аьлча, кеп-кепарчу хьастийн хаамашца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин лакхарчу даржера цхьа хьаькам ву бохуш, дуьйцура куьгбехкениг.

Социалан машанашкахь, а кар-кара оьцуш, дийцаредора Зеламха вар.

Цхьаболчара дуьйцу, месаш тояйтина Первомайскан урамерчу салонера аравьлча, тIеман барзакъ доьхначу наха, тIекхетта лаьцна, машенчу а тоьхна, дIавигира бохуш.

Вукхара хоьтту, хIун бахьанашца, хьенан некъ хадийна хилла те, махкара ара а ваьлла, шен рицкъ лохуш, Москох вехаш, цигахь эшарш лоькхучу кIанта?

Гуш ду, Зеламха къаьсташ хилар меттигерчу иллиалархошлахь. Европан стилехь цуьнан эпатажан духар, йиш локхучу хенахь маьршша, бIобулуш, ша цу сцени тIехь вина а, кхиина а волуш санна, хьийзар.

Оцу бахьанашца ира лаьтташ конфликт яра, боху, Зелимханан шен деца-ненаца, цакхетамашца.

Ткъа Нохчийчоьнан урхалхоша тIе ца дуьту шаьш гуьнахь хилар кIант варна, амма пIелг пIелгах тоьхна а, артист лохуш ву, иза вигинчунна дуьхьал зуламан гIуллакх долийна, аьлла, хаамаш бац я прокуратурин, я талламан комитетан, я чоьхьарчу гIуллакхийн хьукматан официалан сайташ тIехь.

Ца хеза мохь бакъонашларъярхойн а, я махкарчу зорбанаша бен кхайкхамаш а.

Бакъду, оцу юкъанна, журналисташа телефонаш етташ, са даккха ша ца витинчу, къоман политикин а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а министрна Умаров Джамбулатна "дош доцург" хетта, иллиалархо вайна бохуш, зорбанаша гIарадаккхар.

"Цхьа хан ма елли гучувер ву шуна", аьлла, жоп деллера цо, иза стенгахь ву кхи къаста а ца деш.

«Дождь» телеканале къайлах дийцина Бакаевн доттагIчо, Зеламха вайначу деношкахь цуьнан WhatsApp-тIера нене хаам кхаьчна хиларх, ша могуш-дийна а ву, Европе дIаваха кечамаш беш ву а, аьлла, цул тIаьхьа дIаяйина карийра телефон.

Ткъа пачхьалкхера аравала цуьнан аьтто бац бохуш, дуьйцу оццу хьосто, хIунда аьлча, банкан декхарш цунна тIехь хиларна.

Телеканална хаамбинчо, ша ца теша аьлла, кIентан телефон тIера и кост даийтинарг ша Зеламха хиларх. "Цо цкъа а ца олура ша дIаваха лууш ву, цуьнан боккха лаам бара Оьрсийчохь гоьваьлла иллиалархо хила", яздо хьосто.

Инстаграмехь жигара хиллачу иллиалархочун тIаьххьара сурт хийцина ду кху беттан 15-чу дийнахь, амма Зеламхин юххерчу доттагIаша юха а шеконехь кхобу сурт хIоттийнарг ша Зеламха хилар.

Цара бахарехь, цуьнан баккъал а йолу аккаунт къевлина иза вайначу дийнахь. Ткъа хийцина сурт Соьлжа-ГIаларчу Fish House ресторанехь стохка шийла йолчу хенахь даьккхина ду.

Махкарчу Iедало офицаилан дIахьедар дина, шаьш кIант вигина вац аьлла.

ТIаккха хIетте а, тахана 14-гIа де а хилча, хIунда ийзало гергарнаш шайн кIант варах дош ала, маьршша дуьнене орца деха?

Маршо Радио телефонехула зIене елира махкахь евзачу бакъонашларъярхочуьнца Саратова Хедица, цуьнгара бехк баккха дагахь, хIунда дуьту Iедало Бакаев Зеламхин гIуллакх тесна аьлла.

Вайначу кIентан нана Малика а карийра тхуна бакъонашларъярхо йолчу офисе еана.

Иштта къамел хилира тхан шинца а.

"Суна доккха совгIат хир дара, сан кIант Iедало лаьцнехь"

Саратова: "Кху сохьтехь со йолчу чуеана оцу кIентан нана ю. Кхо яздина деана дIахьедар а ду, хIинццалц орца ца доьхуш хIунда Iийнера аьлча, тахана вогIу, кхана вогIу бохуш, цхьацца хабарш схьахезаш, доттагIий болчу вахана хир ву-кх бохуш, Iийна.

Кхо схьадийцарехь, Iедалан белхахоша вигина вац Зеламха, нахана бале вер волуш а, харцонца лелар волуш а вацара боху шен кIант, ша исбаьхьалла езаш, иллеш лакхар хазахеташ хилар бен.

Ша цкъачунна цхьаннан а цIераш йохур яц боху нанас, шен кIантана гонах болчу нахах цхьаъ вара боху, когаш кIел туьйсуш, цуьнан кхиамаш ца лалуш.

Оцу нахах цхьацца шеконаш ю шен боху кхо, цара тIехь цхьахъ кхоьллина хиларна а шекйолуш".

Дукха хьолахь, нохчийн маттахь екара Зеламхан эшарш. Иза кест-кеста кхойкхура ГIалгIайчу а, Дагестане а концерташка. Юьхьанца Нохчийчохь а ган тарлора иза, Кадыров Рамзанна а товра цуьнан иллеш.

Цушиннан цхьана даьккхина сурт а ду Интернетехь даржийна.

Амма тIаьххьарчу хенахь, гуш вацара Бакаев Соьлж-ГIалахь хIитточу барамашкахь.

КIентан доттагIчо аьлла бохуш, зорбанаша дуьйцу, шен махкахь иллеш алар цунна дихкина хиларх, хIунда аьлча, цуьнан музыкех, эшарех нохчий кхеташ бац бохуш.

Гарехь, яккхий ойланаш-Iалашонаш яра Бакаев Зеламхас шена хьалха хIиттийна - дуккха а конкурсашкахь дакъалаца, шен похIма шордан, кIаргдан, ирдан.

Цкъачунна цуьнга сатуьйсучарна юьсург дегайовхо ю, мел шийла елахь а, дегайовхо, иза карориг хиларх а, кхи дIа а шен болх-некъ дIакхехьа сцени тIе а вериг хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG