ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

948 дIасабаьлла доьзал юхавовшахтоьхна Нохчийчуьрчу Iедалша


Нохчийчуьрчу Iедалша дIахьедар дина 948 дIасабаьлла доьзал юхавовшахтоьхна шаьш аьлла. Цу хьокъехь хаам бина Соьлж-ГIаларчу «Грозный ТВ» телевизионо.

Кадыров Рамзанан омрица республикерчу муниципалитеташкахь кхоьллинчу лерринчу комиссино болх бо цхьана хенахь хIусамда а, хIусамнана а хиллачерца.

Цу комиссин декъашхоша цу кепара карарчу хенахь тидаме эцна бу 5000 боьхна доьзал. Царах 948 доьзал бу юхавлвшахтоьхнарг.

Оццу хенахь, цхьаболчу Нохчийчуьра бахархой реза бац оцу программина, яздо "Кавказский узело". Цо билгалдаккхарехь нах реза бац шайна дахарна Iедалхой тIеIаткъам бан гIертарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG