ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь мехкадаьтта а, газ а яккха 3 маьIда эцна «Чеченнефтехимпромо»


«Чеченнефтехимпром» компани тоьлла Нохчийчуьра «Лесной» а, «Северо-Минеральный» а, «Червленный» а мехкадаьтта а, газ а йолу маьIданаш духкуш хиллачу аукционехь. Цунах лаьцна аьлла ду «Роснедр» материалашкахь, хаам бо RNS агенталло.

«Чеченнефтехимпром» йоцург цу мах къовсучу йохка-эцарехь дакълоцуш яра «Югойлпродукт» компани. Цу тайпачу аукционехь дакъалоцуш мах бала беза 10,2 млн тIера 163,4 млн соьме кхаччалц.

Хьалхо хиллачу аукционехь «Роснефть» компанино бакъо яьккхира шена Бумматара-Даьттахара а, Шина Суьйра Юккъера а (Предгорное) мехкдаьттан-газан маьIданийн доладан.

Кхечу шина аукционехь тоьллачу «Чеченнефтехимпром» компанина кхаьчнера ХангIалара а, Нойбоьрара а маьIданаш.

Уггаре дукхa ахча делла Нойбоьрарчу маьIданех – 37, 4 миллион сом.

Ткъа Бумматара-Даьттахарчу а, Шина Суьйра Юккъерчу а, ХангIаларчу а мехкдаьттан-газан лаьттанех даьлла 2,3 а, 6,9 а, 9,6 а миллион соьмаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG