ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох суьдо нийса лаьрра нохчий хьокъехь Щербинка кIоштан кхелан сацам


Ражапов Хьамид а, вежарий ЦетиевгIар Сайд-Мохьмад а, Хьусайн а лецира 2014-чу шарахь Гезгмашин-баттахь. Талламхоша дийцарехь, цара, травматикан тапча а кхуьссуш, тIелатар динера Москох кIоштарчу Внуково олучу меттехь меттигерчу орцаллан министраллан белхахошна.

2015-чу шарахь Марсхьокху-баттахь кхело сацам бира Цетиев Сайд-Мохьмад цIахь лаьцна латто. Оцу хенахь дуьйна тахханалц кхело яхйора Ражапов Хьамид а, Цетиев Хьусайн а лаьцна латтон хан, таллам дIахьош бу бохуш. Нохчийн адвокаташа латкъамаш бора и нах цхьана хIуманна бехке бац бохуш.

Мангал-беттан 27-чу дийнахь Москох гIалин Щербинка кIоштан кхело сацам бира бехктакхаман гIуллакх Москох малхбузен административан гонан прокуратуре юхадерзо, иза толлуш кхачам бацарш хилла аьлла.

Цу сацамна латкъам бинера прокуратуро. Амма Москох кхело ницкъболуш лаьрра Щербинка кIоштан кхелан сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG