2017-чу шарахь Оьрсийчуьрчу ксенофобех лаьцна таллам бина «Левада-центро» Товбеца-баттахь. Цунна юкъаозийна хилла 1600 стаг. Царга хаттарш динчул тIаьхьа гучудаьлларг ду уггаре чIогIа Оьрсийчуьрчу бахархошна цабезарш Кавказерчу къаьмнийн векалш хилар.
Иштта 22% респонденташа жоп делла Оьрсийчоьнан территори тIехь бахар дехка деза Кавказера схьабевллачу нахана аьлла. Царна тIаьхьа Оьрсийчоьрчу бахархойн цабезам хиларца богIуш бу Юккъера Азерчу пачхьалкхашкара бахархой (19%). КхолагIчу меттехь цигонаш бу (17%), тIаккха- китайхой (15%).
Кхин дIа долу сурт иштта ду: вьетнамхой – 12%, украинахой – 8 %, жуьгтий – 4, оьрсий боцурш массо а къаьмнийн нах бита мегар дац Оьрсийчу аьлла жоп делла 18% респонденташа.
Цхьана а къоман векалшна дехка мегар дац Оьрсийчохь баха аьлла хеташ бац Оьрсийчохь 28% бахархой а бен.
Гуттар шена тIе тидам бохуьйтург ду цу талламехь дакъалаьцначу «кхечу къаьмнех» болчу нахана юкъахь кавказхой цабезарш 16 процент хилар.