Лахарчу Новгородехь ГАЗ заводан кертахь адамаш дайина. Цу заводехь болх бина волу стаг урс карахь тIелетта ша балхара дIаваьккхинчу хьаькамашна, яздо Настоящее Время портало, Newsroom24 тIе а тевжаш.
Цу стага урс тоьхна вийна ши стаг, кхин а 3 стаг лазийна ву. Социалан машанашкахь иза вуьйцуш ву 1976-чу шарахь вина Барахов Сергей санна. Дийцарехь, Нохчийчохь хиллачу тIамехь дакъалаьцна ву иза.