ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухан суьдо экстремизман лаьрра Нохчиийчуьрчу тIемашна критика ечу яздархочун книгаш


 Новак-Езераньский Яна язйина «Восточные размышления».
Новак-Езераньский Яна язйина «Восточные размышления».

Петарбухан Москох кIоштан кхело экстремизман ю аьлла сацам бина Новак-Езераньский Яна язйина «Восточные размышления» олу артиклийн гулар. Цунах лаьцна хаам бина цу гIаларчу суьдийн цхьаьнатоьхначу зорбан сервисо, хаам бо «Росбалт» агенталло.

Цу кепара суд реза хилла прокуроро кхеле кховдийна иск бух болуш лара. Ша язйинчу книгашкахь юкъараллан жигархо а, яздархо а, журналист а волчу, Маршо Радион полякийн сервисан редакцин куьйгалхо хиллачу Езераньскийс критика йина Оьрсийчоьнна, «Нохчийчохь къиза тIом барна».

Яздархочун артиклан гулар а, цуьнан интервью а зорбане яккхина «Когита» олучу зорбато Полшин институтаца цхьаьна.

2016-чу шарахь Чиллан-баттахь полицин белхахоша цу книган ерриг а тираж дIаяьккхира Петарбухерчу «Береста» типографера. Иза латтош ю экстремизман дуьхьало ечу центрехь, яздо бо "Росбалто".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG