ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яндарбиев Зеламха. Дехар

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:48 0:00
Линкана тIе

Яндарбиев Зеламха

Дехар

Бакъдерг лойша, бакъдерг,

Ас ца доьху ирс.

Ас ца доьху цхьаъ бен -

Дог ца дилла ницкъ.

СагIа дейша бакъдерг,

Хьарам дай а ирс...

Висча, йоцуш бакъе,

Воцуш накъост кхин,

Лойша дешан бакъдерг,

Лойша деккъа и.

СагIа дейша бакъдерг,

Хьарам дай а ирс...

Ваха бакъо яцахь,

Вала бакъо ло,

Амма цуьнца цхьаьна,

Доьху, бакъдерг ло...

СагIа дейша бакъдерг,

Амма, цкъа а - ирс...

XS
SM
MD
LG