ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яндарбиев Зеламха. Зил тIера йозанаш


Cemetery in Chechnya
Cemetery in Chechnya

Яндарбиев Зеламха

Зил тIера йозанаш

Лелина даш Iена, угIуш хьан сина,

Стигал а, латта а доьлху хьан къина,

Садууш ,Iожалла хьуна тIехь лаьтта,

Лоьхуш шен тIаьххьара катоха аьтто.

Диехьа а, сиехьа а, рагI лаьцча санна,

Накъостий бу оьгуш. Дерачу дагна:

- РогIера хьо вуй-те? - кхерам тIетуьйсуш.

Шокъалийн дарц хьийза, хьуна гуо туьйсуш.

Ткъа, эккхал, буьзначу хьан деган кийрахь,

Сел къиза, гатвелла хьаьвзинчу дийнахь,

Дац, базбеш, хестийначу Даймехкан амат,

Яц хала кхиийна хьо вина нана.

Бац нийса накъостий - бисина генахь,

Хьо бен, кхин дан амал доцчу дуьненахь

Цхьа дисна хьан сих-цIийх схьадевлла бераш,

Хьан хIусам ларъеш Iа нана а берийн.

Уьш дерриш дIадевлла, ца хилча санна,

Къематан дийно ша Iадийча санна,

Къарделла, бIаьрзделла хьийзачу сино

Гечдар а ца доьху, летийна къинош...

Цхьа лаам бу даг чохь - деккъа цхьа доIа:

- Сан Дела, ма велахь накъостел кхоа,

Иэгначу, оьгучу кIенташна хьалха

ЮьхьIаьржа хир воцуш, нисделахь кхалхар.

Яндарбиев Зелимха (1952-2004) гоьвала нохчийн байтанча а, яздархо а, политик а вара. Яндарбиев Зелимха вина I952-чу шарахь гезгмашин беттан 12-чу дийнахь. 1981-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн университетан филологан (нохчийн мотт а, литература а) факултет чекхъяьккхира. 198I-1982 шерашкахь дуьхьара байтийн гуламаш арахийцира. 1984-чу шарахь ЧИАССР-ан яздархойн бертан декъашхо хилира, ткъа 1985-1986 шерашкахь СССР-ан яздархойн бертахь болхбира. 1987-1989 шерашкахь дийшира Москох Горкий цIарах лаккхарчу курсашкахь. 1989 шарахь литературан хьехамча санна болхбира ЧИАССР-ан яздархойн бертахь. Цу шарахь дуьйна “Барт” политикан организацин гIаьнтда а вара.

Нохчийчуьрчу маршонан боламан жигара декъашхо вара Зелимха. 1996-1997-чу шерашкахь Нохчийн Республикан Ичкерин президентан декхарш кхочушдира. Оьрсийчоьнан эскарашна дуьхьал тIамехь дакъалецира 1994-1996-чу шерашкахь. 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан къайлах сервиша Дохехь терроран акт йина вийра Яндарбиев Зелимха.

XS
SM
MD
LG