ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яндарбиев Зеламха. Нохчийчоь - сан сирла седа

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:03:58 0:00
Линкана тIе

Яндарбиев Зеламха
Нохчийчоь

Байчу мохо ийдеш т1ома,
Хьоьстуш малхо, беттасино,
Кхуьуш зезаг суна гина,
Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь.

Гена махкахь лелаш хиларх,
Сан даг чохь и даим хилла:
Сагатделча - хьоьжуш г1ийла,
Деладелла - векхна хилча.

Шарал дахлуш доца денош,
Дагах летарх шийла шело,
Цо ницкъ лора ларбан тешам,
Нохчийчоь, сан деган безам.

Хан т1екхаьчча - къаста дезаш,
Чакхе декъал еш сайн некъан,
Ган лаьар-кха и хьан зезаг,
Нохчийчоь, сан сирла седа...

XS
SM
MD
LG