ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерам тасарна 4 бутт хан тоьхна Хьалха-МартантIерчу вахархочун


Хьалха-МартантIера вахархо кхеле озийна шена воьвзачу цхьана стаганна кхерам тасарна, хаам бо kavtoday.ru сайто.

Суьдан материалашца а догIуш, кхушеран Стигалкъекъа-баттахь, хьалха а хан текхана волчу цу стага, гайтIе урс а хIоттийна, вуьйр ву аьлла кхерам тесна хилла шен дар-дацар хиллачу стаганна.

Эшам хиллачо латкъам бина полице, ша верна кхоьруш ву ша аьлла.

И гIуллакх листинчу суьдо бехке лерина кхерам теснарг. Цунна 4 бутт хан тоьхна, набахтехь яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG