ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь туризман агенталла йиллина Къилбаседа Корейно


Къилбаседа Корейн туризмана реклама.
Къилбаседа Корейн туризмана реклама.

Къилбаседа Корейно шен дуьххьарлера туризман агенталло йиллина Оьрсийчохь. Уггаре йорах йолчу туран мах бу 59 эзар сом. Цу юкъахь дац кеманца Владивосткера дIасавахар.

Турагенталла болх беш хир ю, Къилбаседа Корейн Оьрсийчуьрчу векалалло гIо а деш. Низамехь болчу туристийн кхерамазаллана гаранти ло шаьш, шайн зарратан потенцил бахьана долуш аьлла, дIахьедар дина Пхеньянан Москох волчу векло Ким Сен Хуна.

Iамеркан пачхьалкхан департаменто Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь дуьйна дихкина шайн махкахошна Къилбаседа Корей бахар. Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахой цу пачхьалкхехь дIалецарна кхерам бу аьлла хета Вашингтонна.

Амма Къилбаседа Корей баха бакъо ю Iамеркерчу журналистийн а, гуманитаран вовшахтохараллийн белхахойн а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG