ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь кавказхой дIалецна полицино


Австри н полици ю рейдаш дIахьош.
Австри н полици ю рейдаш дIахьош.

Австрерчу масех гIалахь кавказхой бехачу петаршкахь талламаш дIабаьхьна полисхоша. Маршо Радионе Венерчу полицерчу хьостано бинчу хаамца, кхаарин, еарин деношкахь сахуьлучу хенахь Венехь а, Грацехь а, Зальцбургехь а Дагестанера а, Нохчийчуьра а, кхечу Оьрсийчуьрчу регионашкара а нах бехачу хIусамашкахь рейдаш йира Iедалхоша.

Д1алаьцна цкьачунна долчу хааршца 11 стаг ву. Рейдаш яран бахьана Iедалхоша довзуьйтуш дац, амма Маршо Радионе кхаьчначу хаамца, лецначех мел кIезга а кхо стаг иммиграцин низам дохорца доьзна дIавигина ву.

ТIебогIучу Гезгмашин-баттахь парламентан харжамаш хир бу Австрехь. Цуьнца доьзна кхерамазаллан гIулчаш яхар жигардаьккхина Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG