ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера 12 стаг кIелхьарваьккхина шаьш боху Кадыровс


Иракъ -- Тал Афар, Марс. 23, 2017
Иракъ -- Тал Афар, Марс. 23, 2017

Иракъера 12 стаг кIелхьарваьккхина шаьш аьлла хаам бина Кадыров Рамзана шен Инстагармерчу агIонехь. Цу хаамца а догIуш, "Иракъерчу Курдистанехь дIадерзийна йоккхачу гуманитаран операцин дакъа». Цуьнан чулацам бу Оьрсийчуьра а, СНГ-н пачхьалкхашкара а бахархой кIелхьарбахар.

И акци вовшахтоьхнарг вара Нохчийчоьнан куьйгалхочун Гергарчу Малхбалехь а, Къилбаседа Африкехь а волу векал сенатор Сабсаби Зияд, хаам бо Кадыровс.

Еарин дийнахь Иракъехь тIемалошкара схьаяьккхина хилла Тал-Афар олу меттиг. Цигара кхерамазалла йолчу метте дехьаваьккхина 12 стаг -- 6 Оьрсийчоьнан а, 6 Казахстанан а вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG