ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машенийн пхьар вен гIортарна лаьцна Венера нохчо


Австрин полисхо.
Австрин полисхо.

44 шо долу стаг лацаран бахьана даханчу кIиранахь Венерчу машенаш тояран цхьана кхерчахь даьлла дов ду. Полицино бинчу хаамца, Австрин коьртачу шахьаран Майдлинг кIоштахь шен машен тояйта дIаелла хилла нохчочо. Юха иза дIайига веана хилла иза сарахь, тоярхо балхара дIавоьдучу хенахь. Ша болх бина ваьлла, кхана вола аьлла хилла машенийн пхьеро, тIаккха цу шинна дов даьлла.

КIоршаме дIасаалар хиллачул тIаьхьа 44 шо долчу нохчочо пхьерана урс а диттина, къайлаваьлла. Лазийнарг сихха лоьрийн цIийне а кхачийна, цунна операци яр бахьана долуш иза дийна висина, ткъа талорхо Венерчу полисхоша масех дийнахь лехначул тIаьхьа еаридийнахь лаьцна. Шен Флоридсдорферчу петарахь карийна иза Iедалхошна.

Цигга чохь карийна царна пхьерана чевнаш йина долу урс. Полицин векало Кайблингер Томасо журналисташка бинчу хаамца, иза бехке веш ву пхьар вен гIортарна. Талорхо лаца кадаьлла, иза хьалхехь дуьйна цу пхьарла шен машен тоян воьдуш а, пхьерана вевзаш а хилла хиларна, бохуш дийцира полицин векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG