Ростохан дукхаха болу бахархоша (72%) дуьхьал бу цу гIалахь Солженицын Александрна тIулган суртан хIоллам хIотторна. Цунах лаьцна хаам бо «Открытая Россия» сайто.
Нобелан совгIат делла хилла Солженицын Ростохахь ваьхнера 20 шарахь. Цигахь цо университет чекхяьккхинчул тIаьхьа болх бира школехь.
2015-чу шарахь Солженицынна хIоллам схьабиллира Владивостокехь. Ши-кхо де даьлча меттигерчу вахархочо цуьнан коча оьллинера «иуда» дош тIехь долу кехат.