ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонехь лаьцна полисхошна тIелатар дина стаг


Лондон. Букингеман гварди.
Лондон. Букингеман гварди.

Британин коьртачу гIалахь Лондонехь лаьцна Букенгем олучу паччахьан хIусаманна хьалха урс а карахь полисхошна тIелатар дина стаг. 26 шо долу иза дIавигина терроризмах лаьцначу низамо ма бохху.

Полицин эпсаршна вуно доккха урс гина хилла цу стеган машенчохь иза шайна уллехь сецча. Ша сацон гIоьртинчу Iедалан белхахошна тIелатар дина цо.

Полисхошна юкъахь чевнаш хилларш бу. ТIелатар динарг дIалаьцна. Иза а ву яй чов хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG