ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВирчIимаш биина бер лечуьра даьлла Нохчийчохь


ВирчIимийн (хьайредийрмн а олу цуьнах) зезаг-синтар баьханехь бер лечуьра даьлла Теркйистан кIоштахь. ХIун дуьйцу а ца хууш, харц луьйш, коьртана галваьлла хилла диъ шо долу ЧIулга юьртара кIант сихха Лаха-Невре дарбанан хIусаме кхачийна цIерачара.

Цигахь таллам а бина, лоьрийн лаамца Соьлж-ГIала мехкан берийн дарбанан цIийне дIавигина иза. Карарчу хенахь кIант цигахь ву.

Гергарчара дийцарехь, иза хаъал гIолехь ву, харцлер дIадаьлла. ТIаьхьо билгал ма даллара, цо вирчIимаш лелийна хилла, Iахаршна уьш даъо гIерташ. Цу кIантаца хилла цуьнан нийсархо, жимма дагар хьала а даьлла, юьхь а йистина, къелхьарваьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG