ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь хилла некъан бохам толлуш бу


Талламаш бинчул тIаьхьа низамашца догIуш лерина Заводской кIоштан прокуратурано, некъан хьовзамехь ши стаг вуьйш хилла бохам таллархьама бехктакхаман гIуллакх айдар.

Талламчаша дийцарехь, шоьтадийнахь суьйранна Соьлжа-ГIалахь Алиев Асланан «Лада Приора» а, Залзаев Мурадан «Тойота Камри» а дуьхь-дуьхьалкхетта.

Алиев а, цуьнца цхьаьна хилла пассажир Дандаева Элина а оцу меттигехь делла, ткъа Залзаев кеп-кепарчу чевнашца дарбан хIусаме кхачийнера.

Карарчу хенахь дIахьош талламаш бу, хьенан бехках хилла и бохам зуьйш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG