ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн, африкахойн дов луьстуш ю полици


Францерчу Страсбургехь африкахошний, нохчашний юккъехь масех кIира хьалха иккхинчу девна таллам дIахьош бу цу гIалара полисхой.

Хьалхо Маршо Радионо дийцина ма-хиллара, марха достучу дийнахь Къилбаседа Африкера Iарбойн къомах нах леттера маьждигера цIавоьдучу цхьана нохчийн жимчу стагех.

Иза гучудаьллачул тIаьхьа Страсбургера вайнехан кегирхой африкахошна бекхам бан арабевллера.

Цхьацца тийсадаларш хиллачул тIаьхьа полисхойн ницкъаш юккъе а бевлла, ткъа иштта нохчийн а, Iарбойн а диаспорашкара баккхийнаш юккъе а гIоьртина цхьана юкъана дижнера и дов.

Цул тIаьхьа социалан машанашкахула а, нохчашлахь а даьржира, Страсбургера полици хилларг талла ма-дезара толлуш яц, нохчочух латарна куьг-бехкеберш лаха а, лаца а сихлуш а яц бохуш.

Цул совнаха, жимма хан яьллачул тIаьхьа гIарделира, цхьана нохчочун карах африкахошна герз кхетта хилар а, африкахоша кхин цхьана нохчочух къиза летта хилар а.

Цу хиламаша керлачу лецаршна а, керла полисхойн талламашна а тIедалийра гIуллакх.

Страсбургера хьал шен тидамехь латтош йолу Маршо Радио зIене елира цу гIаларчу Салсабил цIе йолчу вайнехан юкъараллан ассоциацин куьйгалхочуьнца Хьамзатца. Цо дийцира, лецарш муьлхачу хьелашкахь хилла а, карарчу хенахь хьал муха ду а.

Хьамзат: „ТIаьхьара цу кIоштахь хилла хьал муха ду аьлча, цу африкахошна юккъерчу цхьанна, хьан тоьхна хууш доцуш, цхьаммо герз тоьхна, иза цул тIаьхьа лоьрийн цIийна кхаьчна, дарба а дина араваьлла, кхераме чов ца хилла цунна йинарг.

Цул тIаьхьа полисхоша цу кIоштахь лехамаш а бина. Дуккхаъ а нохчи бехаш кIошт ю иза. Цхьа нохчийн кIант лаьцна цара и лехамаш бечу хенахь, цуьнан машен чохь турба карор бахьана долуш. Иза цхьаъ ву нохчех чувоьллинарг.

Ткъа шозлагIниг и хIума хиллачу меттигна уллехь Iаш цхьа кхин нохчийн кIант ву. Шен чуьра араваьллачу цунна тIебеттабелла и африкахой, цунах къиза леттера, цига Iедал тIе а кхаьчна, Iедале а халла бен церан карар а ца ваккхалуш леттера уьш цунах. Iедало иза лоьрийн цIийне а кхачавинера. Амма цу Iедалхошна цуьнан машен чохь герз карийна аьлла, иза цул тIаьхьа лаьцна чувоьллира. Иштта и ши нохчо ву чохь воллуш. “.

Салсабил ассоциацин куьйгалхо африкахошний, нохчашний юккъехь Iоттабаккхам Страсбургехь хиллачу хьалхачру деношкахь дуьйна и хьал шен тидамехь латточарех ву. Карарчу хенахь Iедал шен болх беш ду, куьг-бехкенаш лохуш а, билгалбохуш а ду, бохуш дийцира цо Маршо Радионе.

Хьамзат: „Iедална нах тIе а бахна, бист а хилла. Масала, тхан ассоциацера а нах хилла царна тIебахана. Iедалхоша шаьш таллам дIахьош бу, шайн талламна юккъе ма гIерта, шаьш куьгбехкенарш схьа а лохур бу аьлла.

Уьш вай санна сиха ма баций. Лецнарш а таллам чекхбаллалца дIахоьцуш хуьлу цара, дIахецча а церан баха меттиг а йоцу дела, оьшучу хенахь юха а сихонца шаьш уьш схьалоцур болу дела. Иштта хьал ду цкъачунна, хийцам болуш хIумма а дац“.

Ткъа африкахойн агIор а Iедало лаьцна ву цхьаъ-шиъ. Лаьцначех цхьаберш дIа а хецна цара, таллам чекхбаллалца аьлла

Хьамзата иштта дийцира, ша болх беш йолу ассоциаци и дов толлуш болчу Iедалан белхалошца зIенехь ю, хийцам болуш хIума хилча шайна иза хуур а ду, бохуш.

Маршо Радионо кхин дIа а шен тидамехь латтор ду Страсбургера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG