ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ГIурбадер а, бераш школе дахар а цхьана дийнахь хир ду


ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун омраца карабогIучу беттан хьалхара де мукъа ду. Иштта Кхарачойн-Чергазийчохь а ГIурбан де хилар дIакхайкхийна мехкан куьйгалхочо Темрезов Рашида шен Инстаграмерчу агIон тIехь.

Нохчийчуьрчу дешаран, Iилманан министраллехь бакъ ца дина Хаарийн денца цхьана а кепара хийцамаш шаьш бина хиларх. ГIурбан де а, школашкахь берийн линейкаш дIаяхьар а Гезгамашин-Беттан 1-чу дийнахь хир ду аьлла министраллан векало.

Бусулбачийн ГIурба деран де кху шарахь бераш школе доьлхучу хьалхарчу денца нисделла.

И денош даим а мукъаденош санна дIакхайкхош дара Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG