ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнказара бахарбой байина Шемахь


Шемахь вийна ПIаьнказ-чIожера вахархо Тохосашвили Леван. Иза а, цуьнан доьзал а чохь болчу машен тIе герз диттина аьлла, хаам бина Маршо Радиога ПIанказерчу хьосташа. Болчу хаамца, и стаг а, цуьнан ши бер а, доьзалхочух йолу цуьнан зуда Гаургашвили Лайлаъ а делла хиллачу чевнех.

ПIаьнказ-чIожехь оршотдийнахь тезет хIоттийна.

Тохосашвили Леван Шема ДАIИШ-ан могIаршка вахана ши шо сов хан хилла. Цигахь цо лелош хилла Аль-Бара олу цIе.

Иза 27 - гIа пIаьнказхо ву Шемахь беллачу даIишхойх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG