ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь нускал далорехь хийцамаш бина Iедало


Нускал далочу хенахь некъан низамаш лар ца даран бахьанашца хуьлу бохамаш совцорхьама, оцу машенийн коврашна тIехь Iуналла латтор дийцаредеш белхан цхьанакхетар хилла ГIалгIаIчоьнан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан, хаамбина цуьнан пресс-гIоьнчаллаша. Евкуровс тIедиллина зудаялочу дийнахь машенийн кортежна тIехь терго латтош жоьпаллийн тоба вовшахтохар

"Ловзар дIахьочу кIоштарчу полисхойн декъан белхахо а, эвлан администрацин куьйгалхочун кхерамзалла ларъяран гIовс а хила веза нускал далочаьрца цхьаьна, - дIахьедина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG