ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIурбан денош тIехдевлча къаста мега Турбинера гIуллакх


Шемарчу тIаме ваха гIерташ хилла аьлла, бехкевина лаьцна латточу Старопромыслан кIоштарчу Турбинерчу шина вахархочун хьокъехь шаьш бина сацам кхело Iорабоккхур бу карабогIучу беттан хьалхарчу деношкахь.

Шинаридийнахь йоьдучу кхелехь йистхилла цушиннан адвокат Ахмадова Хьава. Цо дехна ши кIант маьршаваккхар кхелан хIусамчохь, и шиъ бехке цахиларна. «Кавказ.Реалии» порталана къайлахчу хьасташа бина и хаам.

ГIурбан денош тIехдевллачул тIаьхьа кхело дIакхайкхор ю шен вердикт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG