ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чуйохьу газ лахлушшехь, мехаш а деста


Кху карахьболчу беттан юьххьехь ягочу газан мах нисса 14 сом бен бацара махкахь. Тахана цуьнан барам 18 соьме хьалакхаьчна.

Дуттийлаш долахь йолчу бизнесхоша кхеторехь, иза а дац чаккхенан доза, газан мах кхин а лакхабала тарлуш ду. Цара и дузу махка чуйохьу ягориг, леррина делахь а, я ларамаза делахь а къеярца.

Вуьшта аьлча, чуйохьучу газан барам цIеххьана лахбарца. Делахь а коьрта бахьана кхин хуьлчух тера ду.

Соьлжа-гIалахь газ юхкучу цхьана фирмехь болх беш ву Дикаев Салавди. Цо дийцарехь, газ язьяларан коьрта бахьна ду, чуьра хьашташ тIаьхьа а тоьттуш газ кхечу пачхьалкхашна дIайохкар. И экспорт бахьнехь боху Салавдис, кIошташна юхкуш йолчу газан барам хаъал лахбина.

Салавди: "Астраханехь газ я-м яц, къейина. Экспорт дIататта йолийна, цундела ца кхочу. Литарх 18 сом мах болу цхьа ши де а ду. Кхечу пачхьалкхашка дIаоза йолийча ца тоьу. Мехаш кхин тIекхета а тарло. Оха Оренбургера йохьура газ, амма генахь хиларе терра язло схьакхачале. Сургутера ян воьлча кхин а язло газ".

Цхьаболчу тергамхошна хетарехь, дуттийлашкахь болчу долахоша шайлахь барт а беш, газан мехаш лакхабохуш меттигаш а нисло, амма мехаш ирх хьовдаран коьрта бахьана, боху цара а, республика чу кIезиг газ кхачар ду. Ваха цIе йолу тергамча ву дуьйцуш.

Ваха: "Мехаш ловзуш лаьтташ ду. Дуттийлин долахоша а бо мехашна тIеIаткъам. Детта дера цара-ам мехаш тIе. Цаьрга жоп доьхуш мила ву. Чуйохьу газ лахлушшехь, мехаш а ирхъхьовда. Суна хууш, масала, Астраханера газзавод цхьацца ремонташна дIакъовлуш меттиг а йогIу. ТIаккха а лакхадовлу мехаш".

Новр кIоштехь шен долахь дуттийла а йолуш къахьоьгуш ву Хьасан. Тахана кийланах 3 туьма а луш газ еъна ша боху Хьасана, итт де хьалха цуьнан мах 24.5 сом бен бацара боху цо. ХIинца бухарниг дIаяьлча ша литарх 19 сом мах ца хIоттийча валац бохуш, дуьйцу совдегаро.

Хьасан: "Ас итт де хьалха цхьана кийланах 24-25 а луш эцнера газ, ткъа тахна 30, 5 сом делла. ХIинца бухарниг дIаяьлча со 19 сом литаран мах ца хIоттийча ца волу. И ца дича санехь ца хуьлу. Итт де хьалха со литарх 15 соьмах юхкуш вара газ, ткъа тахана и мах 18-19 соьме хьалабели. Тхан дан хIума-м дац. Ишта билламаш бу-кх тхуна хIиттош берш а. Жимма хилла а пайда хуьлуш ца хилча кху белхан а ма дац цхьа маьIна…"

Ягочу газаца бозабелла белхаш бечара а, машенийн долахоша а сатуьйсург ду экспорте хьежо газ юха а оьзна, Оьрсийчоьнан кIошташкара хьашт-дезарш листа тоъал газ хилийтар а, цуьнан мехаш кхо-диъ кIира хьалха санна 14-15 соьме охьабаккхар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG