ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьмсехь зудчунна коьртах диг диттина


Нохчийчуьрчу Талламан Комитето дIахьедарца, Гуьмсера яхархо кхеле хIоттийна шена евза зуда ен гIортарна.

Талламчаша бакъдарехь, кхо бутт хьалха таIзардан ялийнарг оцу кIоштарчу цхьана зудчун цIа еана хилла, ша сийсазъеш къамелаш цо даржорна, цунна бекхам бан Iалашонца.

Даьллачу девнехь маситаза коьртах диг тоьхна хилла вукху зудчунна. Синкхетамера иза яьлча, елла моьттуш йитина цо важа.

Шен хеннахь лоьрийн гIо кхачаран са чохь йисина жима зуда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG