ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бер даларна бехкейо Нохчийчохь лор


Нохчийчуьрчу прокуратурано 63 шо долу лоьрана дуьхьал даьккхина зуламан бехктакхаме гIуллакх, цо ледарло ярца дуьненчу даьлла бер даларна.

Талламчийн версица, стохка бIаьста бераш дуьненчу довлучу цIийнан куьйгаллехь ша йолчу заманчохь, жимачу зудчунна тIехь кхачо йоллуш таллам а ца беш, цуьнга бер дайтина хилла оцу лоьро. Операци а йина, схьаэца дезаш хилла бер, теллича.

Дуьненчу долучу хенахь чевнаш йина хиларна оцу сохьта делла и бер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG