ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн байкерийн клуб гучуяьлла Берлинехь полисхошна


Шайх Guerilla Nation Vaynakh олучу, доккхачу декъехь нохчех, гIалгIайх, кхечу Кавказера орамаш долчу нахех лаьтташ йолчу байкерийн тобан декъашхойн исс петарахь лехамаш дIабаьхьна Германерчу полисхоша. Немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин SEK олучу леринчу декъан 120 полисхо декъа а волуш, Берлинан Вединг а, Шарлоттенбург а олучу кIоштанашкахь дIаяхьира и операци.

Талламаш боьзна бу кху шеран Заздоккхучу- баттахь немцойн коьртачу шахьарахь Guerilla Nation Vaynakh тобан декъашхоша цхьана кафе чохь гулбеллачу албанхошна тIелатар дарца. Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь Маршо Радиона тIечIагIдина ма-хиллара, хIетахь масех машенахь баьхкинчу талорхоша Калашников автоматашкахула герз диттинера кафе чохь Iачарна.

Вукхара дуьхьал тапчанаш йиттинера. ХIеттахьехь лаьцнера кавказхойн тобанера пхи стаг, царех цхьаъ 17 шо долу македонхо хиллера, ткъа важа виъ – нохчий. ТIедогIучу кIиранашкахь цу нехан дов хатта долор ду кхелехь.

Guerilla Nation Vaynakh цIе йолу тоба масех шо хьалха кхоьллина ю Германехь бехачу вайнаха а, кхечу Кавказерчу регионашкара орамаш долчу наха а. И тоба ша Германехь Кадыров Рамзанан векал ву бохуш волчу Дугазаев Тимурца зIенаш йолуш ларалуш ю.

Яханчу бIаьста Берлинерчу Бранденбурган Кевнашна хьалха шаьш даьхна сарташ зорбане дехира тобан декъашхоша. Царна тIехь гуш вара 30 гергга стаг, ирах яхийтина Кадыров Ахьмад тIехь волу байракх а йолуш, тIейоьхна Guerilla Nation Vaynakh аьлла йозанаш долу тIорсакан белахюхкаргаш а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG