Москохарчу регионехь Юккъерчу Азера ши вахархо лаьцна, дешаран шо долалучу хьалхарчу деношкахь теракташ ян кечамбеш хилла. ТАСС агенталло бо и хаам, къайлахчу сервисийн юкъараллашца зIенаш латточу Центрна тIе а тевжаш.
Лаьцначех цхьаъ, йолчу информацица, «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан декъахь хилла иза, уьрсаца тIелата везаш хилла, шолгIачун ша шен эккхийтар дан план хилла.
И шиъ вехачу хIусамах хьажча полицина карийна куьйга йина бомба а, иза ен гIирс а.