Кху беттан 8-чу дийнахь дуьйна Соьлжа-ГIалахь вайначу иллиалархочун Бакаев Зелимхан гIо лоцуш акци дIайолийна Оьрсийчуьра а, Iамеркера а, Европан пачхьалкхашкара а бакъонашларъяран организацеша а, жигархоша а.Нохчийчуьрчу Iедалца йозуш йоцчу орагизацин векало бахарехь, таханналц цхьа а кост дац Бакаевгара, я полици а яц иза лохуш.
"Цудела интернетехь акци йолийна оха #BringBakaevBack аьлла, вайначу иллиалархочунна тидам тIеберзорхьама. Цхьа а шеок а яц, лачкъийна ву Зелимха.Биэн доцуш полисхой Iа, я иза вигинчунна дуьхьал айдеш бехктакхаман гIуллакх а дац", - аьлла "Кавказ.Реалии" портале организацин декъашхочо.