Беслан-ГΙалахь 2004-чу шерахь меттигерчу школехь делла бераш а, церан гергарнаш а дагалоцуш, кхаа дийнахь тезетан барамаш лаьттар бу. ПIераскандийнахь школан горгали а бекош, закъалтхой лецна латтийначу спортзалчу зезазагаш а, хих дуьзна шишанаш а хIиттош, дагалецира и бохаман де. «Бесланера наной» организацино а дакъалецира оцу барамехь.
ХΙетахь Къилбаседа Кавказерчу масийтта къомах болчу герзахоша, Кремль Нохчийчуьра тΙом сацо декхаре еш, дΙалаьцначу ишкол чохь вара эзар сов меттигера вахархо. Уьш мукъабохуш Оьрсийчоьнан эскархоша дΙаболийначу тΙамехь дийра 200 гергга бер а, 150 гергга церан да-нана а.
Бесланерчу школехь хилларг дуьззина теллина дац хΙинца а. И дΙалаьцначу тΙемалойх ах сов оцу ханна набахтехь воллуш, я лаьцна ларалуш вара.