ТIекхочийла долу линкаш

Бехккъасточийн сацамна тIе а тевжаш, Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхело яккхий хенаш йиттина полисхошна тIелатарш дарна бехкебечу Хусейнов Хьусайнна а, Басханов Рустамна а, Хаджиев Махьмудна а, Омаров Олхазарна а, дIахьедо Оьрсийчуьрчу Талламан комитетан пресс-гIоьнчаллаша. Царна бехкедуьллу зуламан тоба вовшахтохар, герз лечкъор, талораш лелор а.

Басхановна а, Хаджиевна а велла дIаваллалц набахтехь яккха хенаш кхайкхийна. Хусейновн а, Омаровн а 19 а, 7 шераш такха дезар ду.

Цул совнах, хIоранна а дезар ду байинчийн гергарчарна 1 миллион 250 эзар сом компенсацеш яла а.

Кхелахоша чIагIдина, 2007-чу шарахь Ноьвр-кIоштахь Хусейновс зуламан тоба кхоьллина хилар а, оцу тобане Басханов а, Хаджиев а дIаэцна хилар а.

Оццу шарахь Бурятерчу шина полисхочунна герзашца тIелатар а дина, уьш байина хилла Басхановс а, Хаджиевс а, Хусейновн омраца.

Иштта 2008-чу шарахь Ноьвр-кIоштахь берийн садоIийлана ха дечу полисхошна а дина хилла оцу тобано тIелатар.

ХIетахь ницкъаллийн структурийн 3 белхахо вийнера.

XS
SM
MD
LG