ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох вийна нохчо карийна


Мосхохарчу Царицыно олучу кIоштахь корта а бохийна, вийначу Нохчийчуьра схьаваьллачу вахархочун дакъа карийна, хаамбо «Москва» керлачу хаамийн агенталло. Бекхталламан гIуллакх долийна оцу гIуллакхан хьокъехь.

Агенталле хаам бинчу хьостано дийцарехь, полици информаци кхаьчна хилла Каспийскан урамехь борша стеган дакъа хадаларх.

"Билгалдаьккхинчу адресца карийна 26 шо долчу Соьлжа-ГIаларчу вахархочун чалх. Цуьнан кагбина мара а бу, иштта цестина корта а бу. London тIеязйина свитар ю жимчу стагна тIехь, сийначу басахь хеча а ю, когахь сийна мокасинаш", - дийцина «Москва» агенталле церан хьостано.

Талламчаша зуламан гIуллакх а айдина, бехкенаш лоьхуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG