ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь Маршо Радионо дуьйцу Австрехь тховкIело елла веха 9 Нохчийчуьра вахархо лацарх меттигерчу Iедало. Уьш бехкебо криминалан талорашкахь дакъалацарна.

Австрихойн Kurier газетано яздарехь, лецначарех цхьаъ «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанца уьйрашкахь хилла вуй хьожуш ду Iедал.

Зорбано бахарехь, Флоридсдорф гIалахь вехачу 39 шо долчу Ч.Ризванах шеконаш ю полицин. Церан хаамашца, Ризван дIакхетта хилла Шемарчу ДаIишхойх. Цул хьалхо маре яла Iалашонца шен гергара йоI ялийна хилла цо, оцу тобанхоша шайн карахь латточу дозан тIе.

Хиламо шеконашка даьккхинчу Iедало талламаш дIахьо вукху лецначашлахь а.

XS
SM
MD
LG