ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIурбан денна мехаш тIедиттина хьайбанна


ГIурбан Iийда деношкахь Нохчийчохь хьайбанийн мехаш тIедиттина бохуш, латкъамаш бо махкарчу бахархоша, хаамбо «Кавказан узел» агенталло. Цара чIагIдарца, кху шарахь ГIурбанна лерина кIезиг даьхний чудалийна хилла, ткъа устагIан мехаш стохкалерачуьнца дуьстича хаъал дистина.

"Ас даим сайн гергарчаьрца юкъахь бежана оьцура. Амма кху шарахь устагI эцан бен аьтто хир бац. Юккъерачу барамехь, 10 эзар сом бу устагIан мах, ткъа жимма а жижиг алсамдолуш и белахь 15-20 эзар соьме хьала болу",- аьлла махкарчу цхьана вахархочо «Кавказан узел» агенталле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG