ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джабраилов Iумар: Со мелла а, я наркотикех пайдаэцна а вацара


Кремлна дуьххьалчу отелан тховх герзаш диттина аьлла, еанчу полицино лаьцна вигинчу бизнесмена, экс-сенатора Джабраилов Iумара РБК агенталле дIахьедина, ша мелла а, я наркотикех пайдаэцна а хилла цахилар. Иштта цо бехкбуьллу хьешан цIийнан белхахошна, шена провокаци ярна а. "Отелан белхахоша карзахваьккхинера со, цундела ас иштта бунт айира царна дуьхьал», - аьлла Джабраиловс РБК-н журналисташка.

"Дахаран хьелашца доьзна бахьанаш дара отелехь сан конфликт эккхарна. Хьешан цIийнан куьйгалла а, кхерамзалла ларйийраш а со цу чуьра араваккха гIертара. Провокаци йира цара суна. Со дохковаьлла юкъара къепе айса йохорна. Бехкталламан гIуллакх даьккхина цуна дуьхьал. Со бакъахьара, низамаш лардеш стаг ву. Сайгара даьллачух жоп дала кийча а ву", - аьлла Джабраилов Iумара.

Полицина шегахь наркотикаш карийна бохург а бакъ ца дина бизнесмена.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG