Кху деношкахь Шемахь шен хIусамненаца а, шина доьзалхочуьнца а вийна Тохосашвили Леван «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанехь гоьваьлла нохчийн хьалханча хилла, гонашкахь эмир Ал-Бара цIарца вевзаш. Шемарчу а, Иракъерчу а тIемашкахь дакъалоцучу кавказхойх талламаш бечу журналисто Паращук Джоаннас бина и хаам. Интернетехь зорбане даьккхина цо вийначун шен шина кIантаца даьккхина сурт.
Аль-Бара Тохосошвили(Леван) - Гуьржийчоьнан Ахметовск кIоштарчу ПIаьнкIазара вахархов вара. 2016-гIа шо даллалц Шемарчу Латакехь тIемаш бина цо, цхьана а тобанех а ца кхеташ.
2016-чу шарахь «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхетта иза, Шишани Iумаран дехарца.