ТIекхочийла долу линкаш

ПIераскан суьйранна Оьрсийчохь охьадоьсина, хьалхо Иракъе а, Шема а тIемашка боьлхучу дайша-наноша шайца дIадигинчу берашца, кема. Оьрсийчуьра а, Казахстанера а 8 бер ду цIа кхачийнарг. ТАСС агенталло бина и хаам.

"Кеманчохь 12 стаг хилла. Оьрсий, гIезалой, башкираш, нохчий, казахаш бу уьш", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Гергарчу Малхбузера а, Къилбаседа Африкера а векала Сабсаби Зияда.

Иштта цо тIечIагдина, даймахка бирзинчаьрца кхаа кIантаца нохчийн нана, Тюменера шен воIца жимзуда а хилар.

XS
SM
MD
LG