ТIаьххьарчу кхаа шарахь пачхьалкхехь уггар а йоккхачу инвестицин гIишлошъяран туристийн компанин куьйгаллехь лаьттина бизнесмен Горчев Олег велла карийна шен хIусамехь. Де-буьйса даьлла хилла иза шен деца зIене ца волу, сагатделла, ладогIа веанчу дена велла карийна шен кIант. Москохарчу Талламан комитето бахарехь, 40 шо долчу бизнесхочунна тIехь ницкъбина хиларан билгалонаш яц.
Кхелан-медицинан талламаш бу карарчу хенахь дIахьош бизнесхо валаран хьокъехь.
«Къилбаседа Кавказера курорташ» компани коьллина 2010-чу шарахь пачхьалкхан лаамца. Цо шена тIелаьцнераГIалгIайчохь, Дагестанехь, Нохчийчохь, Кхарачойн-Чергазийчохь а туримз кхиор.
Горчев Олег – экономист вара, оцу компанин директор хIоьтинера иза 2014-чу шарахь.