ТIекхочийла долу линкаш

Йоккха гIовгIа иккхина Дагестанехь нохчий бехачу меттигехь кху деношкахь хиллачун бахьанца. Ленинаул олуцу эвлахь нохчийн доьзалехь бер дуьненчу даларан тоьшаллин кехат тIехь къам билгалдоккхучу могIарехь «аьккхи» аьлла яздина.

Аьккхий боху къам дуьнен чохь цахилар, иза нохчийн къоман цхьа дакъа хилар ца хууш хиллехь тамаш бу иза язйинарш. Цундела цакхетамехь а, иза лаа долийна дац аьлла хета цигахь бехачу нохчашна. Бибулатов Мовлида иштта элира цуьнах лаьцна.

Бибулатов: "Хууш ду "аьккхи" бохург нохчашна дуьхьала бен аьлла доцийла. Со кххета цхьана элпаца гIалат дича. Оха дIахоуьйтура ду тхайн цу хьокъехь хетарг".

Норвегехь веха гIараваьлла суртдиллархо Хасханов Руслан а ву Хасу-юьртарчу аьккхех. Иза а шек ву и цхьана къоман юкъахь къестамаш бан болийча санна хеташ.

Хасханов: "Хасу-юьртара аьккхий нохчий бу. Вайна юккъера барт бохалур бац цхьангге а. Ткъа и хIума лелочарна карор ду шаьш лоьхург".

Нохчийн селхане шайна ерзо лууш дукха къахьоьгу луларчу мехкашкахь а. Масала, Гуьржийчохь а ондда болх болийна, ПIаьнгаз-чIожара нохчийн орамаш болчу кистойх беккъа гIалгIай бан гIертарх.

Шаьш нохчий ду, кистойн цIарца гуьржашна нохчий бу бевзаш, аьлла Маршо Радиога иштта комментари йира цигара вахархочо журналиста Бордзгор СулхIана.

Бордзгор: "ПIаьнгаз-чIожехь бехачу нохчех кистой аьлла язъеш хилла даима. Иза исторехь схьадогIуш хIума ду. Тахана а кхеран баккхий наха нохчех олух кистой".

Нохчаша 20 сов шарахь дуьненахь уггаре а къизчарех тIемаш ловчу хенахь, историкийн а, кхечу Iилманчийн а йиш ца хилла талламийн белхаш дIабахьа. Делахь а, болх шайн кара а берзийна тIетаьIIина, нохчийн шира истори шайгахьа ерзош бу лулара цхьаболчу мехкийн векалш. Изза хьал ду Гуьржийчохь а, Дагестанехь а.

Нохчийн къам декъар санна лору, масала, цигахь аьккхий аьлла къам ду бахар. Истрикна Бакаев Хьасанна хетарехь, вайн Iилманчаша жигара баккха беза массо а агIор и болх.

Бакаев: "Гуьржийн а, эрмалойн а, Iарбойн ширачу тептаршкахь талламаш бича, билгал долуш ду цхьа сурт: дIадахначу шина эзар шарахь вайн къомах «нохчий» я «нахчамат» аьлла ца Iаш, «кистий» а, «дзурдзукхой а олуш хилар.

Ширачу хенашкахь вайн дайша мел бина тIемаш а, цара кхоьллина хилла пачхьалкхаш а, цара ехкина гIаланаш а, гIап-гIаланаш а, церан кхечу къаьмнашца хилла политикан, культуран уьйраш а – и ша-дерриг а «кистой» я «дзурдзукхой» боху къоман цIерех доьзна ду историн йозанан хьостанаш тIехь.

«Кистой», «дзурдзукхой» боху цIераш Невре-Кавказан а, Къилба-Кавказан исторехь чIогIа сийлахь ю. Амма тахана вайна лулахь цхьа тоба ю и «кистой» а, «дзурдзукхой» а олу цIераш нохчашкара дIа а яьхна, шайн дола ерзон Iалашо йолуш. Цхьа а документна тIе а ца тевжаш, я документ хьахадахь, цуьнан чулацам шайна луучу агIор а берзош, харц истори кхолла гIерташ ю и куталлин-зуламан тоба.

Вайн Iилманчаша а, вайн историкаша хIора дийнахь юх-юха а дIагайта деза бакъдерг, цу тIехь мало а ца йеш".

Нохчийн истори дIасаийзор а, къоман юкъахь питана таса гIертар а хуьлуш ду Iилманан академино дуьхьало ца йо дела. Дог лозучу цхьацца Iилманчаша а, юкъаралхоша а беш бу и болх, цхьаболчарна марах а баьккхина, историкна-яздархочунна Ибрагимов Ризванна санна.

XS
SM
MD
LG