ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь бусалбанашна-рохинджашна тIехIиттор бу бахархой


Цхьаммо а нуьцкъаша бе аьлла беш кхайкхам а бац бохуш, чIагI а деш, социалан машанашкахула дIасакхоьуьйтуш аудио-кхайкхамаш бу. Цара тIедожадо, шоьтадийнахь Соьлжа-ГIалахь Мьянма пачхьалкхехь бусулбанашна тIехь буддисташа латтон гIело емалъеш, бусулба нахах Деле къинхетам бар а доьхуш, доIанаш а деш, схьагулдалар тIедожийна Нохчийчуьрчу Iедало а, муфтиято а.

Маршо Радион хьосташа чIагIдарехь, балхара аьхкенна садаIа цIахь бисинарш а ур-атталла дIакхайкхина Iедало вовшахтухучу митинге.

Иштта хIора кIоштийн имамашна тIедиллина, юьртара гIаж таккхол мел верг тIегулвар оцу протестан митинге.

ХIара аудио Маршо Радиога схьакхачийна махкарчу бахархоша. Ведана кIоштарчу цхьана туркхо дIасабаржийна хIара хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG