Дуккха а бусалба наха Москох Мьянман векалаллан хьалха дуьхьалонан акцеш дIаяьхьначул тIаьхьа цу пачхьалкхан Iедалшна критика йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Instagram-чу агIон тIехь.
Цо кхайкхам бина массо а бусалбанашка рохIинджа къам хьийзорна дуьхьал арадовла аьлла.
Кадыровс хьехар дина нахана Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралле а, Мьянман векалалле а «кIелхьарбаха рохIинджаш», «сацае рохIинджийн геноцид», «кIелхьарбаха бусалба рохIинджаш" боху хештегийн боцца дуьхьалонан хаамаш бахьийта, аьлла.