ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоь Евробертана юкъахь ца го Меркелна


Меркел Ангела.
Меркел Ангела.

Германин канцлеро Меркел Ангелас харжамашна кечлуш хиллачу теледебаташкахь дIахьедар дина, Туркойчоь Евробертана юкъахь ца го шена аьлла.

Цо билгалдаккхарехь, Германин аьтто бац туркойн пачхьалкх цхьаьнакхеттачу Европина юкъаяхарх лаьцна дийцарш юкъахдаха, амма иза дагахь ю шайн бахархой туркша дIалецарна экономикаца йоьзна дуьхьало ян.

Немцойн зорбанан гIирсаш дийцарехь, карарчу хенахь Германера 10 политикан тутмакх ву туркойн набахташкахь латтош.

Канцлеро иштта дIахьедар дина, туркошца дипломатийн юкъаметтигаш хедо дагахь дац шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG