ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу митингехь вистхилла Кадыров


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Соьлж-ГIаларчу митингехь Мьянмехь бусалбанаш хьийзор сацаде аьлла дехар дина дакъалаьцначу наха. Цу махкахь хуьлург геноцид ю аьлла хета Нохчийчуьрчу бахархошна.

Соьлж-ГIалахь хиллачу митингехь дакъалоцуш бара иттаннаш эзарнаш нах. Цхьаболчу хаамашца церан терахь дара 150 000 сов. Ткъа и акци вовшахтоьхначу наха дийцарехь, Соьлж-ГIалахь гулделлера цхьа миллион сов адамаш. Митингехь вистхилла Кадыров Рамзан. Цо баркалла аьлла цу акце баьхкинчарна.

Кадыровс дIахьедар дина, Нохчийчуьра бусалба нах кийча бу гIо дан шайн Мьянмерчу вежаршна аьлла. Цунна хетарехь, сихдала оьшуш дац тIамца къийсам боло беза бохуш дIахьедарш дан.

РБК-но дийцарехь, Кадыровс хаам бина «Мьянмерчу вежаршна» кхачанца а, молханашца а гIор дан аьттонаш лоьхуш ду шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG