ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан а, Мисаран а президенташа кхайкхам бина Мьянман Iедалшка


Путин Владимир а, Сиси Iабделфаттах (аьрроагIор)
Путин Владимир а, Сиси Iабделфаттах (аьрроагIор)

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира кхайкхам бина Мьянман Iедалшка цигара хьал мелла а сиха Iуналле эца аьлла. Цунах лаьцна цо дIахьедар дина Китайрчу Сяменехь ша Мисаран президентаца Сиси Iабделфаттах цхьаьнакхетча. Мисаран куьйгалхо Сиси а ву изза ойла йолуш.

Шина лидеро шаьш саготта хилар хаийтира Мьянмехь хуьлург бахьана долуш, хаам бина журналисташка Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс.

Мьянмахь хуьлург хьокъехь Кадыров Рамзана динчу дIахьедаршна комментари яхьара аьлла дехардича, Кремлан векло дIахьедар дина бусалба наха Мьянмара хьал дукха дагах кхеташ тIеоьцу аьлла. Амма мах хадоле хьалха Кадыровс аьлларг хIун ду хаьа лаар шена аьлла Песковс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG